ДАГЕСТАН РЕСПУБЛИКАН КУЬЙГАЛХОЧУН ДЕКХАРШ КХОЧУШ ДЕШ ВОЛЧУ ФЁДОР ЩУКИНАН КХАЙКХАМ
Цхьа а шеко йоцуш ду, х1ора куьйгалхочо ша дарже веача, шен балхан хьакъ йолу тоба вовшех туху. Суна и нийса а хета.
Кху деношкахь Регионан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш волчу Фёдор Щукина Дагестанехь кадрови резервни Программа д1акхайкхина.
Цигахь дакъа лаца аьтто хир бу х1ора а къоначу кегийрхойн. Лакхара дешаран диплом хилар а, шен болх безаш а, вайн республикна мут1ахь хила кийча хилар, халкъ, Мохк, ша билгалла йина корматалла йезаш и хууш хила веза кадрови резерве д1ахьедар (заявлени) чу луш верг.
Суна кхузахь товш дерг Щукин Фёдора оза безам, ахча-бохча, шалхонаш, гергарлонаш, сан-хьан боху и дар -дацарш хир дац аьлла д1ахьедина.
Цул совнаха цо билгалдина Кадрови резервни г1уллакх денна шен тидамехь хирг хилар.
Цундела со тешна ву, Керла программа болх бан аьтто болш хир йу: меттигерчу МО, районни структурашкахь, больницашкахь, ишколашкахь, юьртартарчу аренашкахь.
Тахана Республикан декхарш кхочуш деш волчу Фёдор Щукина кхайкхамбеш балха дуьйла бохуш хилча, юьстаха латтар суна нийса ца хета.
Со тешна ву кегийрхоша цу Программехь жигара дакъа лоцург хиларх.
Дала аьтто бойла х1оранан а, массо вайн махкахойн а.
Тахана вай орца ца довлахь хийра нах бог1ур бац вайн республикехь долу дахаран сурт хийца.
Регионан куьйгалхочун кхайкхамна кхоччуш жоп а луш, вайн 1ар-дахар дикачу аг1ор хийца лаахь ара довла деза вай.
ЯКИЕВ 1УМАР,
РРГ "НИЙСО-ДАГЕСТАН"
ГАЗЕТАН КОЬРТА РЕДАКТОР.